Бер
Бер (дукх. бераш) — коьрта маьӀнехь, бераллин муьрера адам.
Бераллин хенан дозанаш тайп-тайпана ду бес-бесара оьздангаллашкахь, дахаран циклан теорешкахь а, юридически системашкахь а. Йукъарчу меттигашкахь бер олу винчу хенан тӀера пубертатан муьре кхаччалц. ЙоӀ — зудабер; кӀант — боьрша бер. Берийн могашаллин лерина медицинин декъах педиатри олу.
Историн хаамаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Берех лаьцна Ӏилмано шен йуьхьиг йиллина лору вайн эрал IV бӀешо хьалха медицинин ден Гиппократан «Берийн Ӏаламех» цӀе йолчу жайница. Кхин дӀа (I—II бӀешерашкахь) бераш кхиорех лаьцна а, царна Ӏуналла дарех лаьцна а йаздо Цельса, Галена, Сорана. Цул тӀаьхьарчу 15 бӀешарахь хьалха Галена а, Сорана а дийцинарг йухадуьйцура. Амма лакхара бераш даларалло, Диканаш ден кхолламаш йукъабовларо, кхин а цхьацца Европин мехкашкахь дӀакхийсина бераш а, Ӏуналла доцу бераш а кхиоран цӀенош (бераш тӀеоьцийла), таро йира XV—XVII бӀешерашкахь берийн организман башхаллашна ойла тӀейахийта — бераш кхиорна а, Ӏуналлина а лерина дуккха а къинхьегамашна зорба тоьхна[1].
Россехь Пётр I-чо омар ло «Москохахь къуотгӀала дина берашна госпиталш йе, царна а, уьш кхобучарна ахча а, алапа а ло» олий. ТӀаьхьуо М. В. Ломоносовс кховдийра, къуотгӀала динчу берашна, халкъан богадельнеш йахкаран ойла а, берийн цамгаршна дарба лело хьехам арахецаран ойла а. Иза йаздира «Российн халкъ дебарах а, Ӏалашдарах а лаьцна» шен кехатехь. Амма дуьххьарлера бераш кхиоран хӀусамаш дӀа ца йиллинера Россехь (1763 шарахь — Москохахь, 1771 шарахь Петарбухехь) И. И. Бецкийн ницкъашца бен, цуо шен куьйга оцу хӀусамийн проекташ йира, хьехамаш а кечбира бераш кхиорех а, Ӏалашдарех а[1].
Даккхий хиларан муьраш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Бер — гуттара кхуьу организм йу, хӀора хенан муьрехь хуьлу билгала морфологин, физиологин, психологин башхаллаш[1]. Къастабо берийн психика кхиаран лахара муьраш:
- дуьненна тӀедаьлла мур (дахаран хьалхара диъ кӀира — 28 де);
- декха хан (дахаран 29-гӀа денна тӀера 1 шо кхаччалц)[2];
- яслин йа ишколал хьалхарчул хьалхара мур (1 шеран тӀера 3 шо кхаччалц)[3];
- ишколал хьалхара мур (3 шеранна тӀера 7 шо кхаччалц)[3];
- лахара ишколан хан (7 шеранна тӀера 12 шо кхаччалц)[3];
- жимхаллин хан (13—14 шеранна тӀера 17—18 шо кхаччалц)[3].
Декха бер
[бӀаьра нисйан | нисйан]Декха бер — шо кхаччалц долу бер. Къастабо керла дина бераллин (хьалхара диъ кӀира) а, декха хенан (4 кӀиранна тӀера 1 шо кхаччалц) муьраш. Декха бер кхиаро хьекъалан а, физикин а кхиаран кхин дӀайолчу тӀаьхьенна ладаме Ӏаткъам бо. Цуьнан организм арахьарчу Ӏаткъамашна экаме йу, цамгарш лехьайо, цундела цунна лерина Ӏуналла деза.
Бер кхиар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Хьалхарчу дахаран шарахь бер дахло юккъера барам 25—27 см. Шо кхаьчна беран локхалла кхочу 75—77 см.[4]
Хан,
бутт |
Баттахь дегӀдаккхар,
см |
Баттахь дегӀан масса тӀекхетар,
г |
ДегӀдаккхаран берриг барам,
см |
Ерриг дегӀан масса тӀекхетар,
кг |
---|---|---|---|---|
1 | 3 | 600 | 3 | 0,6 |
2 | 3 | 800 | 6 | 1,40 |
3 | 2,5 | 800 | 8,5 | 2,2 |
4 | 2,5 | 750 | 11 | 2,95 |
5 | 2 | 700 | 13 | 3,65 |
6 | 2 | 650 | 15 | 4,3 |
7 | 2 | 600 | 17 | 4,9 |
8 | 2 | 550 | 19 | 5,45 |
9 | 1,5 | 500 | 20,5 | 5,95 |
10 | 1,5 | 450 | 22 | 6,4 |
11 | 1,5 | 400 | 23,5 | 6,8 |
12 | 1,5 | 350 | 25 | 7,15 |
Хьалхарчу дахаран шарахь беран девза гуонахьара Ӏалам, цуьнан кхуьу моторика, хьекъалан а, физикин а хьуьнарш. Кхуьу муьрашкахула. ХӀора мур болало билггалчу хенахь, иза къаста а тарло бере хьаьжжина. Хьуьнар кхиар дозу генетикин агӀора а, бер кхуьу гуоне хьаьжжина а, баккхийчар цунна шайн мел хан дӀало хьаьжжина а.
Цхьа бутт
[бӀаьра нисйан | нисйан]1 бутт хан йолуш объект гар дерзийна хуьлу оцу объектан дозанаш Ӏаморе[5]. Нагахь беран геометрин фигура гайтахь, цуо цуьнан йисташ Ӏамор ю.
Бер долало базан дуьнен тӀедолуш чудехкина доцу меттахдалар карадерзо: катохар а, дӀакхоссар а[6]. Оцу хенахь, бертал дижина бере йоццачу хенан корта айбало, латтало[7].
Ши бутт
[бӀаьра нисйан | нисйан]ШолгӀачу баттахь беран къастало цӀие, баьццара, сийна бесаш, ткъа иштта къегина серло. Роберт Фантца йинчу эксперименташца, берашка къаьстало кӀайн бесара ши аса, вовшех къагарца 5% бен къаьсташ йоцу[8].
Шиъ бутт кхаьчначу хенахь дуьйна бере лелало аз коммуникацина. Иза деладалало воккхачун шеца дечу къамелан жоп луш а, я иза къежаш а[9]. Иштта беран бевза ненан меттан бух, къаста а ло кхечу меттанех, иза гайтира А. Кристоф а, Дж. Мортона а бинчу талламаша. Экспериментехь ингалсметтан берана хозуьйтура тайп-тайпанчу меттанашкахь а, наха а дӀаяздина аудияздар. Беран дакхаран хьал хийцалора, нагахь ингалсан мотт хийцича кхечунца, амма ца хийцалора кхин мотт ингалсан боцучуьнца хийцича[10].
Кхо бутт
[бӀаьра нисйан | нисйан]2-гӀачу—3-гӀачу беттанашкахь берана бос гар воккхачун санна ду[8].
3 бутт кхаьчначу беран хаза тарлуш долу озан чӀогӀалла, — 40 децибел[11] гергга ю.
Галерея
[бӀаьра нисйан | нисйан]Мадонна Ӏиса ПайхӀамарца | Нана а, цуьнан йоӀ а Анри-Франсуа Ризнер |
ЙоӀ гӀамагӀашца Валентин Серов |
Берийн бакъонаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Дуьненайукъара а, российн а законашца динчу дийнахь дуьйна беран йу дӀайаха йиш йоцу бакъонаш, церан гарант йу пачхьалкх: беран, муьлххачу адаман санна, дӀаккха йиш йоцу бакъо йу даха, цуьнан ойланна лерам байта, шен ойланаш маьршша шех хьакхалучу белхех йолу, гайта, шен хетарг дӀаала, тайп-тайпанчу кепара хаамаш схьаэца а, дӀабала а, дискриминацех лардан бакъо, дешаран бакъо, садаӀаран а, самукъадаккхаран а бакъонаш, кхин дӀа а.
Хьажа кхин а
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Физикин кхиар
- Дерригдуьненан берийн де
- Берийн телевизионан а, радиовещанин а дуьненайукъара де
- Берийн жайнин дуьненайукъара де
- Ден-ненан психологи
- Бераш-салтий
- Бераш — баккхийчеран айпех бохам баьлларш
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ 1 2 3 А. В. Мазурин, И. М. Воронцов. Пропедевтика детских болезней. — 1-е изд. — М.: Медицина, 1986. — С. 6—19. — 432 с. — 100 000 экз.
- ↑ Грудной ребёнок. Медицинская энциклопедия . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 31 июль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2017 шеран 7 февралехь
- ↑ 1 2 3 4 Маклаков А. Г. Общая психология: учебное пособие для вузов и слушателей курсов психологических дисциплин. — P. 98—103.
- ↑ 1 2 Департамент здравоохранения города Москвы Часть 1. Морфометрическое и психомоторное развитие ребёнка первого года жизни. — P. 5—6,14.
- ↑ Веракса Н. Е. Познавательное развитие в дошкольном детстве: учебное пособие. — P. 54.
- ↑ Веракса Н. Е. Познавательное развитие в дошкольном детстве: учебное пособие. — P. 245-247.
- ↑ Департамент здравоохранения города Москвы Часть 2. Психомоторное развитие детей первого года жизни. — P. 10.
- ↑ 1 2 Веракса Н. Е. Познавательное развитие в дошкольном детстве: учебное пособие. — P. 38.
- ↑ Веракса Н. Е. Познавательное развитие в дошкольном детстве: учебное пособие. — P. 164-165.
- ↑ Веракса Н. Е. Познавательное развитие в дошкольном детстве: учебное пособие. — P. 156—158.
- ↑ Веракса Н. Е. Познавательное развитие в дошкольном детстве: учебное пособие. — P. 58.
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Арьес Ф. Ребенок и семейная жизнь при Старом порядке. // Открытие детства. — Екатеринбург, 1999.
- Божович Л. И. Личность и её формирование в детском возрасте. — М., 1968.
- Борисова Н. Е. Правовое положение несовершеннолетних в Российской Федерации. 2-е изд. — М., 2006.
- Брун М. И. Дети // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- Дети / Волков А. Г., Максимович Л. Б. // Григорьев — Динамика. — М. : Большая российская энциклопедия, 2007. — С. 593. — (Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов ; 2004—2017, т. 8). — ISBN 978-5-85270-338-5.
- Гиппенрейтер Ю. Б. Общаться с ребёнком. Как? — М.: АСТ, Астрель, 2007. — 240 с. — 30 000 экз. — ISBN 978-5-271-15458-4.
- Маклаков А. Г. Общая психология: учебное пособие для вузов и слушателей курсов психологических дисциплин. — СПб.: Издательский дом «Питер», 2012. — 593 с. — ISBN 9785459015799.Кеп:Anc-end