Чибча (цивилизаци)
Чи́бча (испан. Chibcha), Муи́ска я Мо́ска — XII—XVI бӀешерашкара Къилба Америкин лакхара кхианчех цхьа цивилизации. Шира Америкин оьздангаллашна йукъахь чибча лаьтта цхьаьна могӀарехь майяца, ацтекашца, сапотекашца, инкашца. Шеш чибчаша шайх олура муискаш, аьлча а «адамаш».
Чибчаш дӀалоцура доккхаха долу дакъа хӀинцалерачу Колумбин мехкан. Церан лаьттан йукъ яра лекха лаьмнийн Малхбален Кордильерийн акъари а, Боготан къилбаседехьара Туньян а, Согамосон а эркийн тогӀенаш а. Цул сов, чибчаш дӀалоцура Боготан къилбехьара тогӀенаш а, Кордильерийн малхбален басенаш, Оринокон генан Мета эркан льяносашна тӀекхаччалц. Европахой баьхкинчу хенахь чибчан мохк бара 25 эзар квадратан километр сов, ткъа бахархой миллион гергга бара.
Истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]Боготан атагӀи а, цунна гонахьара лаьмнийн басеш а къаьста алсама Ӏаламан тӀуналла хиларца, кӀедачу а, цхьаьнаэшшарачу климатца. Оцу факторша йира кхузахь луьста бахархой хевшина а, ткъа иштта кхиина латталелоран а кӀошташ. I эзарлагӀа шерашна юккӀехь кхузахь яра нах охьахевшина эвланаш, царна йукъахь 1000 сов стаг веха а, хила йолаелира хьалхара пачхьалкхаш. Юьхьанца чибчан латтанашна тӀехь дехира аравакийн меттан доьзалера тайпанаш. Амма V бӀешарахь уьш аратеттира чибчийн дайша, уьш кхелхира цига Юккъерачу Америкера, Панамин лаг тӀехула. IX бӀешарахь дикка шуьйра кхиа йолало металлурги. XII—XIII бӀешерашкахь кхоллало чибчийн тайпанийн йукъараллаш. Чибчин пачхьалкхаш сих-сиха, XV бӀешарахь алсама, тӀелеташ хьийзабо луларчу аравакийн а, башха дукха карибийн тайпанийн агӀора.
Испанел хьалхара мур
[бӀаьра нисйан | нисйан]Чибчан оьздангаллера цхьан а йозанан иэс ца йисина дера, вайна европин хроникаша язбина хаамаш бен ца кхаьчна, цара гойту испанхой кхуза кхачале ши чкъор хьалхарчеран дахар. Хроникхоша яздинчу тептаршца, XV бӀешо чекхдолуш чибчийн 5 - 9 пачхьалкх (тайпанийн барт) яра. Царна йукъахь уггаре чӀогӀа къаьстара шиъ — вовшашца къовсамехь йолу Тунха а, Факата а, уьш гӀертара дисина тайпанаш куьйга кӀела дерзо, ткъа иштта вовше къарбан а.
1470 шеран герга хенахь Факата паччахьаллин урхалча Саганмачика, 30 эзар стаг эскарца тӀелетира, Паско эркан тогӀенехь лаьтта, Фусагасуга олаллин. Фусагасугхой ийшира, церан урхалчо къобал дира Факатин олалла. Кестта Гуанентан олаллин урхалча дуьхьалавелира Факатин. Цуьнан урхалчин гӀо деха дийзира Тунха паччахьаллин урхалче Мичуага. Шира дийцаршца, оьшу гӀо дина, Мичуа кхайкхира Саганмачике Тунхе, Гуанента олаллин урхалчо бехке вен зуламашна дохко вала. Саганмачика ца веира, тӀаккха Мичуага Факатин тӀелатаран сацам ца бан белира. Цул сов, шира дийцаршца, Факата паччахьаллин тӀелетира лулара тайпа панче. Цуьнца тӀом лаьттира 16 шарахь. Панчен тӀаьхь толам баьккхинчул тӀаьхьа, 1490 шарахь гергга, Саганмачика тӀелетира Мичуан.
Коьртачу тӀамехь, Чоконта эвлин уллехь, шинне а агӀора дакъалецира 100 эзар сов тӀемлочо (50 эзар Тунхин агӀора, 60 эзар Факатин агӀора). Эскаршан баьччалла деш бара паччахьаллин коьрта урхалчаш. Ший а вийра тӀамехь. ТӀаккха а факатхой туьйлира, коьрта урхалча валар бахьнехь, церан толаман мах кӀезиг хилира.
Цул тӀаьхьа, 1490 шарахь Факатин урхалча хилира Немекене. Шира дийцаршца, цуо лелайора законийн кодекс — цунах олура «Немекенен кодекс». Цуьнан кхин а дийзира панчен тӀелатар юхатоха, Фусагасуга олаллин гӀаттам охьатаӀо, цаьрца тӀемаш чӀогӀа хала дара, амма жамӀехь элас капитуляции йира. Немекенес чудалийра шен эскарш схьадаьхначу латтанашна тӀе, волавелира Тунхица тӀеман кечам бан. 50-60 эзар тӀемлойн эскар гулдина, иза аравелира. ЦӀий Ӏанийначу тӀамехь Немекенен чов йира, факатхой бевдира Тунхин тӀемлой тӀехьара ца бовлуш. ТӀаккха а, оцу толамо а цхьа паччахьалла вукхуьнга дӀа ца лацийтира. ТӀамера цӀа веина Немекене пхоьалгӀачу дийнахь велира, паччахьалла йитира вешин кӀантана Тискесусе. Цуьнан урхаллехь, иза Тунхин урхалчин декха гӀерташ а волуш, Факатин чубаьхкира испанин конкистадораш.
Испанис даьхна латташ
[бӀаьра нисйан | нисйан]1536 шеран апрелехь карибийн берд тӀийра, Санта-Марта гӀалара, араелира 800 стеган тоба урхалчехь Гонсало Хименес де Кесада а волуш, иза хьажийнера испанин губернаторо талам бан а, схьадаха а Колумбин чоьхьара областаш. Дукхаха дерг иза доладелира шуьйра даьржинчу туьйранан мехках Эльдорадох долу эладитах. 9 баттахь гергга Кесада тӀеихира чибчин латтанашна, новкъахь дукха новкъарлонаш йолуш. 600 сов стаг цамгарех велира, индахошца девнашкахь ийгира. 1537 шарахь тобанан дисина дакъа, 200 стагал кӀезиг, кхечира Кундинамарка акъари тӀе. Йукъарчу тӀемаша гӀелбина, лулара тайпанаш тӀелетта чибча, юьхьанца испанхой делий бу моьттина болу, кӀеззиг бен дуьхьало ца йира. 1541 шарахь чибча-муискийн латтанаш дерриш йукъадахара Керла Гранадин. Цуьнан коьрта гӀала хилира Гонсало Кесадас 1538 шеран 6 августехь, яьгначу индахойн Факатин гӀопан меттигехь кхоьллина Санта-Фе-де-Богота.
XVIII бӀешеран юккъехь дӀаелира Чибчин оьздангалла а, мотт а.
Оьрсийн маттахь
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Хуан де Сан Мартин и Антонио де Лебриха. Доклад о завоевании Нового Королевства Гранада и основание города Богота (июль 1539 года). www.kuprienko.info (А. Скромницкий) (2010 шеран 4 апрель). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 4 апрель.
- Гонсало Хименес де Кесада. Краткое изложение завоевания Нового Королевства Гранада» (1539; 1548—1549). www.kuprienko.info (А. Скромницкий) (2010 шеран 20 апрель). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 20 апрель.
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- THE CONQUEST OF NEW GRANADA. London, 1912.
- Ср. Restrepo, «Les Chibchas antes de la conquista espacola» (Богота, 1895);
- Ezequiel Uricoechea, «Gramatica, vocabulario у catechismo confessonario de la lengua Chibcha segun antiguos manuscritos anonimos ineditos» (Париж, 1871);
- Middendorf, «Die einheimischen Sprachen Perus» (т. VI, Лейпциг, 1892).
- Manuel Arturo Izquierdo Pena. The Muisca Calendar: An approximation to the timekeeping system of the ancient native people of the northeastern Andes of Colombia. — Dissertation presented to the Departament d’Anthropologie, Faculte des etudes Superieures, Universite de Montreal, 2009.
- Созина С. А. Муиски — еще одна цивилизация Древней Америки / Институт Латинской Америки АН СССР. — М.: ИЛА АН СССР, 1969. — 202 с. — 500 экз.
- Созина С. А. На горизонте — Эльдорадо! Из истории открытия и завоевания Колумбии. — М.: Мысль, 1972. — 200, [8] с. — 60 000 экз.
- Скромницкий А., Талах В. Энциклопедия доколумбовой Америки. Часть 1. Южная Америка. Том 2. Источники XVI-XVII веков по истории Южной Америки: Хроники. Документы. www.kuprienko.info (А. Скромницкий) (2012 шеран 11 февраль). ТӀекхочу дата: 2012 шеран 11 март.
- Чибча // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.